Сочинение Т1екхечи Шийла 1а

Уважаемый гость, на данной странице Вам доступен материал по теме: Сочинение Т1екхечи Шийла 1а. Скачивание возможно на компьютер и телефон через торрент, а также сервер загрузок по ссылке ниже. Рекомендуем также другие статьи из категории «Рефераты».

Сочинение Т1екхечи Шийла 1а.rar
Закачек 3266
Средняя скорость 9095 Kb/s

Сочинение Т1екхечи Шийла 1а

Обновлено 23.01.2013 09:48 Автор: Administrator 23.01.2013 09:34

1аламо цецдохуш меттиг нисло вайн дахарехь, «гурахь б1аьсте а йолу», аьхкенан малхо 1овжинчу дийнахь, дагна 1аьнан шело а хаайолуьйту, даг чу ша а буьллуш. Дерриг адаман даге, цуьнан синх1оттаме хьаьжжина хуьлу.

Арахь 1аьнан бутт бу, т1екхочуш керла шо а ду, амма 1аьнан сибтех цхьа х1ума а дац хаалуш. 1аьржаниг к1айдеш, дуьне ц1индеш к1айн диллина луо ца го, шелоно ц1евзина 1уьйренаш а, суьйренаш а яц, берийн ц1оз а дац, самукъне маьхьаршца шайн дахар санна к1айн лайн мижаргах ловзуш. Х1умма а дац 1а дагадоуьйтуш.

1аьнан сурт дагалаца, диц ца далийта, тхан 1алашо хилира дешархошна 1аьнах йолу вайн поэтийн стихаш йовзийта. И стихаш лоьхуш, хоржуш тхан тидам хилира, вайн поэташна башха 1аьнан зама гергара цахилар, цу 1аламан мурца кхоллараллин шовкъ к1езиг ю. Дукха хьолахь поэташа хестош йолу зама – б1аьсте а, гуьйре а юй хиира тхуна.

Цундела, оха кечйина йолу х1ара стихаш, мелла а тамашийна нисъели тхан, и башха тхайн бехк а ца лору оха, иза поэзин шатайпаналлин ницкъах ду: дуьйцуш, хьехош цхьаъ делахь а, амма маь1на кхи нислуш. 1а – иза дахарехь зеделлачух дешдолу жам1 ду, сатийсамех догдиллар, дахаран схьайоьллуш т1аьххьара не1, цул т1аьхьа чаккхе, есалла…

Успейте воспользоваться скидками до 70% на курсы «Инфоурок»

Выбранный для просмотра документ сочинени 1а т1едеана.doc

Урокан ц1е: «1а т1едеана».

1алашо: суьрта т1ехь шайна гуриг барта схьадийца , йозанца д1аяздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна 1емар ду суьрта т1ехь болчу хиламийн рог1алла ган , билгалъяккха , шайна зеделлачу пайда а оьцуш. Суьртан сулацамах кхета, иза маь1на а ца талхош барта а , йозанца а схьабала.

Регулятивни : берашна 1емар ду белхан план х1отто, х1ора декъанао бог1у болх ган , билгалбаккха. Хуур ду цунах пайдаэца.

Коммуникативни: берашна хуур ду хьехархочун хаттарна дуьззина , бух болу жоьпаш дала . Хаттаршан юкъахь коьртаниг ган, цунах шайн къамелехь пайдаэца..

Познавательни: берашна хуур ду оьшу дешнаш лаха , царех нийса пайдаэца. Ойлаяр , тидамбар кхуьур ду берийн.

3. Личностни : берийн алсамдер ду пайдениг дан лаар, 1аламан хийцамех дерг ган, цуьнан пайдаэца.

2. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 79-г1а аг1о. Караде шардар № 158ю

-Х1ун т1едуьллу цо вайна? (Дийцар яздан).

-Х1ун дийр ду вай тахана? Х1ун кхиамаш бохур бу вай?

-Вай тахана язйийр ю сочинении : «1а т1едеана».

3. Суьртах лаьцна къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Т1едеана шийла 1а).

-Х1ун оьг1у стиглара охьа? (Стиглара охьаоьгу лайн чимаш).

-Стено хьулдина латта, ц1ийнойн тхевнаш? (Лайно хьулдина латта ц1ийнан тхевнаш).

-Х1ун хилла хишна? (Хишна шаш бина).

-Муха ду х1аваъ? (Х1аваъ шелделла).

-Муха ду дийнош, буьйсанаш? (Денош дацделла, буьйсанаш язъелла).

-Бераш кхоьрий шелонах? (Амма бераш ца кхоьру шелонах).

-Цара х1ун до? (Уьш 1арахь ловзу).

-Ц1ераш тахка берашна. Стенах ловзу х1ора бер? (Ахьмада , Бислана гу т1ера чу салазаш хоьхку. Вахас конькеш хоьхку. Раянас, Сане

та Лайн-баба йина. Асвад , Бакъи лайн мижаргех ловзу. Самукъадолу берийн 1ай).

-Шуна х1ун аьлла хета: арахь ловзар пайде ду я зуламе ду? (1ай арахь ловзар ч1ог1а пайде ду. Ц1еначу х1авао могашалла тойо. Шелоне дег1 доьлча цамгарш лехьор яц. )

-Муха хетта шуна 1а? (Суна хазахета 1ай).

-Стенан тидам боа ша? (аса тидамбо охьаоьгучу лайн чимийн, хийцалучу стиглан).

План х1оттор. Х1ора декъан чулацам бовзар.

-1аьнах лаьцна дуьйцуш дуьххьара х1ун хьахийра вай ? (1аьнан 1алам)

-Х1ун дара коьрта? (1аламехь 1аьно бо хийцамаш)

-Х1ун ц1е хир ю оцу декъан? (1аламан башхаллаш).

-Х1ун дара шолг1а тидам бинарг? (Берийн ловзарш).

-Х1ун элира могушаллех лаьцна? (1аьно ловзаро могашалла тойо).

-Х1ун хетта шуна 1аьнах лаьцна? Стенан тидам бо аша? (Суна хазахета 1а)

Уьн т1е план д1аязйо.

1аьнан 1аламан башхаллаш

Берийн самукъадолу 1ай.

Сочиненин х1оттам билгалбар, х1ора декъан чулацам таллар

-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ).

-Муха билгалдоккхур ду х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчуьра яздийр ду).

-Х1ун яздийр ду аша 1аьнан 1аламах лаьцна?

-Х1ун яздийр ду аша берийн ловзарех лаьцна?

-Х1ун яздийр ду аша берийн ловзарша бечу пайданах лаьцна?

-Х1ун эр ду аша шайна хетачух?

4. Сочинении язъяр.

(Хьехархочо г1о до цхьацца дош нийса яздан , предложении нийса х1отторехь).

Ответ оставил Гость

Т1едеира шийла 1а. арахь ло деэра. юха со сай накъосташцани салазш хахк ар велир или елир без разницы)) хьо мил ю?

Если ответа нет или он оказался неправильным по предмету Другие предметы, то попробуй воспользоваться поиском на сайте или задать вопрос самостоятельно.


Статьи по теме